1789 шо

Шераш
1785 · 1786 · 1787 · 1788 — 1789 — 1790 · 1791 · 1792 · 1793
Итта шераш
1760‑гӀа · 1770‑гӀа — 1780‑гӀа — 1790‑гӀа · 1800‑гӀа
БӀешераш
XVII бӀешоXVIII бӀешоXIX бӀешо
II эзар шо
XVI бӀешоXVII бӀешоXVIII бӀешоXIX бӀешоXX бӀешо
1690‑гӀа 1690 1691 1692 1693 1694 1695 1696 1697 1698 1699
1700‑гӀа 1700 1701 1702 1703 1704 1705 1706 1707 1708 1709
1710‑гӀа 1710 1711 1712 1713 1714 1715 1716 1717 1718 1719
1720‑гӀа 1720 1721 1722 1723 1724 1725 1726 1727 1728 1729
1730‑гӀа 1730 1731 1732 1733 1734 1735 1736 1737 1738 1739
1740‑гӀа 1740 1741 1742 1743 1744 1745 1746 1747 1748 1749
1750‑гӀа 1750 1751 1752 1753 1754 1755 1756 1757 1758 1759
1760‑гӀа 1760 1761 1762 1763 1764 1765 1766 1767 1768 1769
1770‑гӀа 1770 1771 1772 1773 1774 1775 1776 1777 1778 1779
1780‑гӀа 1780 1781 1782 1783 1784 1785 1786 1787 1788 1789
1790‑гӀа 1790 1791 1792 1793 1794 1795 1796 1797 1798 1799
1800‑гӀа 1800 1801 1802 1803 1804 1805 1806 1807 1808 1809
Хронологин таблица
1789 шо кхечу рузманашкахь
Григорианан рузма 1789
MDCCLXXXIX
Юлианан рузма 1788—1789 (12 январехь дуьйна)
Юлианан рузма
византийн эрица
7297—7298 (12 сентябрехь дуьйна)
Рум йиллинчара дӀа 2541—2542 (2 майхь дуьйна)
Жуьгтийн рузма
5549—5550

ה'תקמ"ט — ה'תק"ן

Исламан рузма 1203—1204
Шираэрмалойн рузма 4281—4282 (11 августехь)
Эрмалойн килсан рузма 1238
ԹՎ ՌՄԼԸ

Цийн рузма 4485—4486
戊申 — 己酉
можа маймал — можа боргӀал
Эфиопийн рузма 1781 — 1782
ШирахӀиндин рузма
- Викрам-самват 1845—1846
- Шака самват 1711—1712
Иранан рузма 1167—1168
Буддийн рузма 2332
Японин шераш дагардар 1-гӀа шо Кансэй

1789 (эзар ворхӀ бӀе дезткъа уьссалгӀа) шо Григорианан рузманцависокосан доцу шо, долалуш долу йеарахь. Иза вайн эран 1789 шо ду, 789 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 89 шо бӀешеран, 9 шо 9-гӀа иттаннаш шерашкахь XVIII бӀешеран, 10 шо 1780-гӀа шерийн.

Хиламаш

Франци

  • бӀаьсте — МагӀселехь, Тулонехь, Орлеанехь адамаш карзахдийлар.
  • апрелан чеккхе — Парижан йисташкара Сент-Антуанера гӀаттам. ОхьатаӀийна гвардин а, дошлойн а тобанашца, масех бӀе стаг вийна, чевнаш йина.
  • 5 май — Версалехь дӀабиллина Инарлин штатийн[1] гуламаш. Гулам дӀабахьаран низамах лаьцна къийсамаш буьйлабелира.
  • 17 июньФранцехь Инарлин штатийн кхоалгӀа чкъоьран депутаташ, синбелхалойн а, олалло а гӀо лаьцна, кхайкхийра шеш Къоман гулам бу аьлла, кхечу депутаташка шайх схьакхета кхайкхира[1]. Къоман гулам эккхо гӀортаро 13-14 июлехь халкъ гӀаттийра, Бастили йаьккхира, Сийлахь французийн революци толаме йалийра.
  • 20 июнь — Буьрканех ловзачу зал чохь дуй баар.
  • 23 июнь — Кхайкхина Инарлин Штатийн гулам. Людовик XVI-гӀачо депутаташка чкъоьрнашца декъа а лой шеш-шеш ховша элира. КхоалгӀа чкъоьран депутаташ ца сацийра шайн гуламаш, олаллин цхьа дакъа шайн агӀора даьккхира.
  • 9 июль — Къоман гуламо кхайкхийра ша Кхолламан гулам — лакхара гайтаман а, законашкхолларан а халкъан меже[1].
  • 11 июль — Людовика дӀавалийтира министр Неккер, омар дира сихонца Париж йита аьлла.
  • 12 июль — Парижера халкъан а, эскаршна а йукъара дуьххьарлера девнаш.
  • 13 июль — Парижехь горгали бийкира. Халкъа герз схьаэца долийра, схьайаьккхира иттаннаш эзарш тоьпаш.
  • 14 июль — Халкъо Бастили йаккхар. Сийлахь-йоккха французийн буржуазийн революци.
  • июлан йукъ — Паччахьа йухахӀоттийна Неккер Ӏедале, къобал бина Къоман гуламан барт. Парижехь кхоллаелла муниципалитет. Кхоьллина буржуазийн Къоман гварди коьртехь маркиз Лафайет волуш.
  • 18 июль — Труара гӀаттам. Халкъо дӀалаьцна герз, схьайаьккхина ратуша.
  • 19-20 июль — Страсбургера гӀаттам. Халкъ шина дийнахь буьззина дай бара гӀалин. ГӀалин ратушера документаш дагийра.
  • 21 июль — Шербурера гӀаттам.
  • 24 июль — Руанера гӀаттам.
  • июлан чеккхе — Провинцин гӀаланашкахь кхуллуш йара харжаман муниципалитеташ.
  • 4-11 август — Францин кхолларан гуламан (КХГ) феодалийн бехкенаш ахархошца эцарах Декреташ. «Феодалийн режим йерриг хӀаллакйо»[2].
  • август — КХГ коьртехь Мирабо, Сийес волу конституционалистийн парти.
  • август — Ахархойн гӀаттамо дӀалаьцна йерриг Франци. Дофинехь хӀора пхеа элийн гӀаланех кхоъ йохийна. Франш-Контехь йохийна 40 гӀала. Парижера бедарш тоьгучеран белхалойн демонстраци.
  • 26 август —Францин КХГ тӀеэцна «Адаман а, гражданинан а бакъонийн деклараци».
  • 31 август —Францин КХГ йийца йолийна харжаман системан законан проект.
  • 12 сентябрь — Арайаьлла хьалхара лоьмар Маратан «Парижан публицист» (6-гӀа лоьмарера — «Халкъан доттагӀ») газетан.
  • сентябрь — Версале кхайкхина керла эскарш. Паччахьо къобал ца дира Адаман а, гражданинан а бакъонийн деклараци а, августан декреташ а.
  • 1 октябрь — Эпсараллин контрреволюцин манифестаци паччахьан гӀалин чохь.
  • 5-6 октябрь — Парижхой Версале бахар. Халкъ чуиккхина гӀалин. Паччахь а, КХГ а Париже дӀабахна.
  • 2 ноябрь — Францин КХГ тӀеэцна килсан латта схьа а даьккхина дохкар. Ассигнаташ арахецар — килсан латташ доьхкинчу санах хилла пачхьалкхан ахчан декхарш.
  • Кхоьллина якобинцийн клуб («Конституцин доттагӀийн йукъаралла»). Мирабо, Робеспьер.
  • Лавуазьес бакъдина Ломоносовс дӀадиллина масса йисаран закон.

Кхин пачхьалкхаш

  • 10 февраль — Сийлахь Руман империн императора Иосиф II-гӀачо шен омрийца австрийн когаметта долчу маьӀ-маьӀӀерчу латташ тӀехь (Тироль доцург) йукъайоккху лаьттан налог, гӀоьрту йерриг ахархойн ясакъ ахчане йаккха[3].
  • 4 март — лелайаьлла АЦШ Конституци.
  • 1789, 4 март1797, 4 март — АЦШ 1-ра президент Вашингтон Джордж (1732—1799).
  • 1789, 4 март — 1797, 4 март — 1-ра АЦШ вице-президент Адамс Джон.
  • 21 апрель — Густаван омар. Финляндин ахархошна бакъо йелла шеш лелош долу Ӏедалан латта эцна доладаккха.
  • Швецехь охьатаӀийна элийн къайлаха барт (Аньялан барт). «Цхьаьнакхетаран а, лардаран а акт». Риксдаг кхойкху паччахьан оьшучу хенахь, ткъа цуо олалла до Пачхьалкхан кхеташон гӀо доцуш.
  • Дани арайаьлла Швецица болчу тӀема йукъара Ингалсан а, Пруссин а Ӏаткъамца.
  • 1 август — Суворовн оьрсийн эскар тоьлла Фокшанашкахь туркойл.
  • 7 сентябрь — Потёмкина омар делла, цу тӀехь дара: «Ингул тӀехь керла йинчу верфах ала — Николаевн гӀала».
  • 22 сентябрь — туркойн эскар хӀаллакдина Суворовн оьрсийн эскарша Рымникерчу тӀамехь.
  • 25 сентябрьАмерикин Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь конгрессо тӀеэцна Бакъонех йолу билль — Конституцин хьалхара 10 нисдар (лелайолу 1791 шеран 15 декабрехь).
  • 24 октябрьБельгехь австрийн олаллаин дуьхьала гӀаттам болабелла.
  • декабрь — Австрийн эскарш лаьхкина берриг аьлча санна Бельгин махкара. Кхоьллина «Цхьаьнатоьхна бельгийн штаташ».
  • Йоцучу хенан цхьаьнатоьхна Вьетнам Куанг Чунга (Тэй Шона) (тэйшонийн тхьамдан) Ӏедал кӀелахь. Масех шо далале велла.
  • Кхоьллина Петровн чуьйнадутту завод Братски аренашкахь (Байкалдехье). ХӀинца Забайкальски мехкан Петровск-Забайкальски гӀала.

Ӏилма

Коьрта йаззам: 1789 шо Ӏилманехь
  • 22 февраль - Уильям Гершела гучудаьхна Уранан хӀоьзнаш.

Бина

Хьажа иштта: Категори:Бинарш 1789 шарахь

Белла

Хьажа иштта: Категори:Белларш 1789 шарахь


Хьажа иштта

1789 шо:
  • Медиафайлаш Викилармехь
1789 шо

Билгалдахарш

  1. 1 2 3 БСЭ 3-е изд. т. 6 — С. 222.
  2. СИЭ т.1 — С.188.
  3. СИЭ т.1 — С.129.
Йаззам кечбар ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана.
ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца.

Кеп:Високосан доцу шо, долалуш долу еара дийнахь