Дешин буьрка (France Football)
Дешин буьрка | |
---|---|
Мохк | |
Тайпа | спортан совгӀат[d] |
Хьан ло | France Football[d] |
Статистика | |
Кхолларан терахь | 1956 |
Сайт | francefootball.fr/…(Франц.) |
Медиафайлаш Викилармехь |
«Дешин буьрка» (фр. Ballon d'Or) — хӀора шеран футболан совгӀат, кхин а девза Европера шеран уггаре дика футболистан (инг. European Footballer of the Year) цӀарца. Ло хӀора шарахь дика лаьррачу футболистан. СовгӀат кхоьллина France Football журналан коьртачу редакторо Ано Габриэла, цуо дийхира шен белхан накъосташка Европера шеран уггаре дикачу ловзархочун кхаж тасар 1956 шарахь. Дуьххьара совгӀат даьккхинарг хилира «Блэкпул» йукъара Стэнли Мэтьюз[1]. [2][3]
Йуьхьанца журналистийн Европехь клубашкахь ловзу европин ловзархошна бен кхаж таса йиш йацара, цундела Марадона Диего а, Пеле а санна футболисташна и совгӀат ца далалора[4]. 1995 шарахь бакъонаш хийцаелира: хӀинца совгӀат даккха таро йара муьлххачу къоман футболистан, нагахь иза европин клубехь ловзуш велахь. Европера воцу дуьххьарлера совгӀат даьккхина футболист оццу шарахь хилира «Миланан» ловзархо Веа Джордж[5]. 2007 шарахь бакъонаш йуха а хийцаелира: хӀинца «Дешин буьрка» яккха таро йара муьлххачу къоман, дуьненан муьлххачу клубан ловзархочун. Иза бахьнехь толамхо билгалвоккху журналистийн барам а тӀетуьйхира: Европин 52 журналистех, дерриг дуьненан 96 журналист хилира, цара билгалвоккху пхиъ уггаре дика шеран футболист[6].
2010 шарахь совгӀаташ «Дешин буьрка» а, «ФИФА шеран ловзархо» а цхьаьнатуьйхира «ФИФА Дешин буьрка» цӀе а туьллуш. Дуьххьара оцу совгӀатан да хилира Месси Лионель[7]. 2016 шеран сентябрехь ФИФАс сацийра накъосталла France Football журналца «Дешин буьрканца» йолчу агӀора. Оцу хенахь дуьйна совгӀатах йуха а «Дешин буьрка» олу, иза France Football журнало ло[8]. ТӀаьххьара совгӀат даьккхинарг ву Месси Лионель[9].
«Дешин буьрка» совгӀат уггаре дукха, кхузза, делира веа футболистан: Кройф Йоханан, Платини Мишелан, ван Бастен Маркон, Криштиану Роналдун (Платини бен вац и совгӀат кхаа шарахь тӀекӀел, 1983 – 1985 шерашкахь, и совгӀат даьккхинарг[1]). СовгӀаташ «Дешин буьрка» а, «ФИФА Дешин буьрка» а уггаре дукха даьккхинарг, ялхазза, Месси Лионель[10] ву. Цул сов, Мессин бен ца дела и совгӀат деазза тӀекӀела, 2009 – 2012 шерашкахь.
1997 шарахь «Дешин буьрка» йаьккхира Роналдос, иза дуьххьарлера бразилихо хилира и совгӀат даьккхина[5]. Уггаре дукха совгӀат даьккхина немцойн футболисташа: Германера пхеа ловзархочо йаьккхина ворхӀ «Дешин буьрка». Кевнахойх Яшин Лев бен вац и совгӀат даьккхинарг; иза хилира 1963 шарахь.
2020 шарахь исторехь дуьххьара «Дешин буьрка» ца елира цхьанне а, хӀунда аьлча пандеми COVID-19 бахьнехь совцийнера берриг баккхий дуьненайукъара къийсамаш, царна йукъахь ЕВРО-2020, ткъа цхьа могӀа къаьмнийн хьалхеяккхарш совцийнера я чекхйаьккхинера хеназа[11].
Толамхойн исписка
Шо | Мохк | Ловзархо | Клуб | Билгалдахарш | Позици |
---|---|---|---|---|---|
Дешин буьрка France Football (1956—2009) | |||||
1956 | Ингалс | Мэтьюз, Стэнли !Мэтьюз Стэнли | Блэкпул ! Блэкпул | Форвард | |
1957 | Испани | Ди Стефано, Альфредо !Ди Стефано Альфредо | Реал Мадрид ! Реал Мадрид | [1957] | ТӀелатархо |
1958 | Франци | Копа, Раймон !Копа Раймон | Реал Мадрид ! Реал Мадрид | ТӀелатархо | |
1959 | Испани | Ди Стефано, Альфредо !Ди Стефано Альфредо | Реал Мадрид ! Реал Мадрид | ТӀелатархо | |
1960 | Испани | Суарес Мирамонтес, Луис !Суарес Луис | Барселона ! Барселона | Ахтурсло | |
1961 | Итали | Сивори, Омар !Сивори Омар | Ювентус ! Ювентус | [1961] | ТӀелатархо |
1962 | Чехословаки | Масопуст, Йозеф !Масопуст Йозеф | Дукла Прага ! Дукла (Прага) | Ахтурсло | |
1963 | ССРС | Яшин, Лев Иванович !Яшин Лев | Динамо Москох ! Динамо (Москох) | Кевнахо | |
1964 | Шотланди | Лоу, Денис !Лоу Денис | Манчестер Юнайтед ! Манчестер Юнайтед | ТӀелатархо | |
1965 | Португали | Эйсебио !Эйсебио | Бенфика ! Бенфика (Лиссабон) | ТӀелатархо | |
1966 | Ингалс | Чарльтон, Бобби !Чарльтон Бобби | Манчестер Юнайтед ! Манчестер Юнайтед | Ахтурсло, ТӀелатархо | |
1967 | Мажаройчоь | Альберт, Флориан !Альберт Флориан | Ференцварош ! Ференцварош | ТӀелатархо | |
1968 | Къилбаседа Ирланди | Бест, Джордж !Бест Джордж | Манчестер Юнайтед ! Манчестер Юнайтед | Ахтурсло | |
1969 | Итали | Ривера, Джанни !Ривера Джанни | Милан ! Милан | Ахтурсло | |
1970 | ФРГ | Мюллер, Герд !Мюллер Герд | Бавария Мюнхен ! Бавария (Мюнхен) | ТӀелатархо | |
1971 | Нидерландаш | Кройф, Йохан !Кройф Йохан | Аякс ! Аякс | ТӀелатархо | |
1972 | ФРГ | Беккенбауэр, Франц !Беккенбауэр Франц | Бавария Мюнхен ! Бавария (Мюнхен) | Турсло | |
1973 | Нидерландаш | Кройф, Йохан !Кройф Йохан | Барселона ! Барселона | [1973] | ТӀелатархо |
1974 | Нидерландаш | Кройф, Йохан !Кройф Йохан | Барселона ! Барселона | ТӀелатархо | |
1975 | ССРС | Блохин, Олег Владимирович !Блохин Олег | Динамо Киев ! Динамо (Киев) | ТӀелатархо | |
1976 | ФРГ | Беккенбауэр, Франц !Беккенбауэр Франц | Бавария Мюнхен ! Бавария (Мюнхен) | Турсло | |
1977 | Дани | Симонсен, Аллан !Симонсен Аллан | Боруссия Мёнхенгладбах ! Боруссия (Мёнхенгладбах) | ТӀелатархо | |
1978 | Ингалс | Киган, Кевин !Киган Кевин | Гамбург ! Гамбург | ТӀелатархо | |
1979 | Ингалс | Киган, Кевин !Киган Кевин | Гамбург ! Гамбург | ТӀелатархо | |
1980 | ФРГ | Румменигге, Карл-Хайнц !Румменигге Карл-Хайнц | Бавария Мюнхен ! Бавария (Мюнхен) | ТӀелатархо | |
1981 | ФРГ | Румменигге, Карл-Хайнц !Румменигге Карл-Хайнц | Бавария Мюнхен ! Бавария (Мюнхен) | ТӀелатархо | |
1982 | Итали | Росси, Паоло !Росси Паоло | Ювентус ! Ювентус | ТӀелатархо | |
1983 | Франци | Платини, Мишель !Платини Мишель | Ювентус ! Ювентус | Ахтурсло | |
1984 | Франци | Платини, Мишель !Платини Мишель | Ювентус ! Ювентус | Ахтурсло | |
1985 | Франци | Платини, Мишель !Платини Мишель | Ювентус ! Ювентус | Ахтурсло | |
1986 | ССРС | Беланов, Игорь Иванович !Беланов Игорь | Динамо Киев ! Динамо (Киев) | ТӀелатархо | |
1987 | Нидерландаш | Гуллит, Рууд !Гуллит Рууд | Милан ! Милан | [1987] | Ахтурсло |
1988 | Нидерландаш | Ван Бастен, Марко !Ван Бастен Марко | Милан ! Милан | ТӀелатархо | |
1989 | Нидерландаш | Ван Бастен, Марко !Ван Бастен Марко | Милан ! Милан | ТӀелатархо | |
1990 | Германи | Маттеус, Лотар !Маттеус Лотар | Интернационале ! Интернационале | Турсло, ахтурсло | |
1991 | Франци | Папен, Жан-Пьер !Папен Жан-Пьер | Олимпик Марсель ! Олимпик Марсель | ТӀелатархо | |
1992 | Нидерландаш | Ван Бастен, Марко !Ван Бастен Марко | Милан ! Милан | ТӀелатархо | |
1993 | Итали | Баджо, Роберто !Баджо Роберто | Ювентус ! Ювентус | Форвард | |
1994 | Болгари | Стоичков, Христо !Стоичков Христо | Барселона ! Барселона | ТӀелатархо | |
1995 | Либери | Веа, Джордж !Веа Джордж | Милан ! Милан | [1995] | ТӀелатархо |
1996 | Германи | Заммер, Маттиас !Заммер Маттиас | Боруссия Дортмунд ! Боруссия (Дортмунд) | Турсло, Ахтурсло | |
1997 | Бразили | Роналдо !Роналдо | Интернационале ! Интернационале | [1997] | ТӀелатархо |
1998 | Франци | Зидан, Зийнаддин !Зийнаддин Зидан | Ювентус ! Ювентус | Ахтурсло | |
1999 | Бразили | Ривалдо !Ривалдо | Барселона ! Барселона | ТӀелатархо | |
2000 | Португали | Фигу, Луиш !Фигу Луиш | Реал Мадрид ! Реал Мадрид | [2000] | ТӀелета ахтурсло |
2001 | Ингалс | Оуэн, Майкл !Оуэн Майкл | Ливерпуль ! Ливерпуль | ТӀелатархо | |
2002 | Бразили | Роналдо !Роналдо | Реал Мадрид ! Реал Мадрид | [2002] | ТӀелатархо |
2003 | Чехи | Недвед, Павел !Недвед Павел | Ювентус ! Ювентус | Ахтурсло | |
2004 | Украина | Шевченко, Андрей Николаевич !Шевченко Андрей | Милан ! Милан | ТӀелатархо | |
2005 | Бразили | Роналдиньо !Роналдиньо | Барселона ! Барселона | Ахтурсло, ТӀелатархо | |
2006 | Итали | Каннаваро, Фабио !Каннаваро Фабио | Реал Мадрид ! Реал Мадрид | Турсло | |
2007 | Бразили | Кака !Кака | Милан ! Милан | ТӀелета ахтурсло | |
2008 | Португали | Криштиану Роналду !Криштиану Роналду | Манчестер Юнайтед ! Манчестер Юнайтед | ТӀелатархо | |
2009 | Аргентина | Лионель Месси !Месси Лионель | Барселона ! Барселона | ТӀелатархо | |
2010—2015 шерашка хьажа Дешин буьрка ФИФА | |||||
Дешин буьрка France Football (2016 шарахь дуьйна) | |||||
2016 | Португали | Криштиану Роналду !Криштиану Роналду | Реал Мадрид ! Реал Мадрид | ТӀелатархо | |
2017 | Португали | Криштиану Роналду !Криштиану Роналду | Реал Мадрид ! Реал Мадрид | ТӀелатархо | |
2018 | Хорвати | Модрич, Лука !Модрич Лука | Реал Мадрид ! Реал Мадрид | Ахтурсло | |
2019 | Аргентина | Лионель Месси !Месси Лионель | Барселона ! Барселона | ТӀелатархо | |
2020 | ДӀадаьккхина пандеми COVID-19 бахьнехь[12] |
Таблицин комментареш
1957. ↑ Ди Стефано Альфредо Аргентинехь винехь а, 1956 шарахь цунна испанин гражданалла елира, цул т\аьхьа левзира Испанин гулйина командехь.[13]
1961. ↑ Омар Сивори Аргентинехь винехь а, 1961 шарахь цунна италин гражданалла елира, цул т\аьхьа левзира Италин къоман гулйина командехь.[14]
1973. ↑ Кройф Йохан «Аяксера» дехьавелира «Барселоне» 1973 шеран юккъехь.[15]
1987. ↑ Гуллит Рууд ПСВ йукъара дехьавелира «Милан» йукъа 1987 шеран юккъехь.[16]
1995. ↑ Веа Джордж «Пари Сен-Жермен» йукъара дехьаваьлла «Милан» йукъа 1995 шеран юккъехь.[17]
1997. ↑ Роналдо «Барселонера» дехьаваьлла «Интернационале» 1997 шеран юккъехь.[18]
2000. ↑ Фигу Луиш «Барселонера» дехьаваьлла «Реал Мадрид» йукъа 2000 шеран юккъехь.[19]
2002. ↑ Роналдо «Интернационалера» «Реал Мадрид» йукъа дехьаваьлла 2002 шеран юккъехь.[20]
Билгалдахарш
- ↑ 1 2 Ronaldo joins legendary list. BBC Sport. 01.12.2008.
- ↑ https://www.cambridge.org/core/journals/perspectives-on-politics/article/abs/messi-ronaldo-and-the-politics-of-celebrity-elections-voting-for-the-best-soccer-player-in-the-world/36CB5CB44D4C06866305408163A49290
- ↑ https://www.sportbible.com/football/ballon-dor-votes-lionel-messi-cristiano-ronaldo-665271-20230302?source=facebook&fbclid=IwAR3LI1jGmPSn6t7ceIM-ql4o5eV5meCTB5dcbvPMeTArHAGJnDHlIuzPR_Y
- ↑ Matthews wins first Golden Ball. BBC Sport. 01.12.2008.
- ↑ 1 2 The 1990s Ballon d’Or winners. BBC Sport. 01.12.2008.
- ↑ Kaka wins 2007 award. BBC Sport. 1.12.2008.
- ↑ The FIFA Ballon d’Or is born (бил-боцу.). FIFA (2010 шеран 5 июль). Архивйина 2010 шеран 12 декабрехь
- ↑ Voici les nouvelles règles et les nouveaux aménagements du Ballon d’Or France Football : [фр.] // France Football : журнал. — 2018. — 19 septembre.
- ↑ The FIFA Ballon d’Or is born (бил-боцу.). FIFA (2010 шеран 5 июль). Архивйина 2010 шеран 12 декабрехь
- ↑ Иван Соколов. У Лионеля Месси стало шесть «Золотых мячей» (оьрс.). www.championat.com. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 3 декабрь.
- ↑ Футбол. "Дешин буьрка" не будут вручать впервые в истории (оьрс.). www.sport.ru (2020 шеран 20 июль). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 21 июль.
- ↑ Il n'y aura pas de Ballon d'Or France Football en 2020 (бил-боцу.). France Football (20 июля 2020). ТӀекхочу дата: 20 июля 2020.
- ↑ Europe dazzled by Di Stéfano. UEFA.com. 22.11.2004. Архивйина 2008-12-11 — Wayback Machine
- ↑ Juve legend Sivori dies. UEFA.com. 18.02.2005. Архивйина 2007-01-04 — Wayback Machine
- ↑ Johan Cruyff. Laureus World Sports Awards. Архивйина 2007-12-13 — Wayback Machine
- ↑ Sexy football to sexy golf, Gullit shows his class. The Scotsman. 04.10.2008. (бил-боцу.) ТӀекхочу дата: 2009 шеран 11 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 11 январехь
- ↑ Nick Harris. George Weah: favourite to win biggest battle — leading his country off the field. The Independent. 07.12.2004. Архивйина 2011-09-11 — Wayback Machine
- ↑ Fast facts on Ronaldo. Sports Illustrated. 31.08.2002. Архивйина 2012-10-25 — Wayback Machine
- ↑ Elizabeth Nash. Figo defects to Real Madrid for record £37.2m. The Independent. 25.07.2000.
- ↑ Real ropes Ronaldo. Sports Illustrated. 31.08.2002. Архивйина 2008-12-05 — Wayback Machine
Хьажоргаш
- European Footballer of the Year («Ballon d’Or»). Rec.Sport.Soccer Statistics Foundation
- Официальная страница награды на сайте France Football(Франц.)
- Все лауреаты «Золотого мяча» за все годы(оьр.)
Кеп:«Дешин буьрка» йаьккхинарш